ДО1А

Раиса Абубакарова - Джабраилова.

               ДО;А

Дуьйшучарна дийша аьлла,
Г;овттучарна г;овтта аьлла
Дала вайна дахар делла,
Даха маьрша дуьтийла вай.

Дуучарна даа аьлла,
Молучарна мала аьлла,
Дала вайна рицкъа делла ,
Даа маьрша дуьтийла вай.

Лохучарна лаха аьлла,
Дуьтучарна дита аьлла,
Дала вайна дуьне делла
Леха маьрша дуьтийла вай.

Хьарам рицкъа ца лехийта,
Делан лаам кхочушбайта
Дала вайна иман делла
Лардан маьрша дуьтийла вай.

10.05.26ш.


Рецензии