Берийн книгаш
Хаарш алсам хуьлуш ду.
Керла мел дерг йоьшуш довзахь,
Кхетам, хьекъал ирлур ду.
Нохчийн меттан жовх1арш хилла
Деха книгин т1ера дош.
Мало йоцуш, доьшуш хилларг
Хаарийн лакхене хьош.
Меттан хазна алсам йаьлла,
Дикчу хьоле бер бу мотт.
Лаахь кхиош шорйан ойла,
Шайн хеттаршна карош жоп.
Хаа лаам хир бац эрна,
Кхуьур ду ийман долуш.
Книгех пайда эца денна,
Эт1а це йеш, ларйе уьш.
Свидетельство о публикации №126061805690
