Йеза суна хьо, Кавказ
Тоьаш дац цкъа гар шу диезачу дагна.
Мархашлахь го техкаш шун къоьжа баххьаш,
Дукхаммо хестий шун мах боцу хазна.
Замано баккхийра хийцамаш бина,
Зе-зулмаш, мостаг1ий дуккха а гина.
Амма шен толаман байракх ца йоьг1на
Мостаг1чо, Кавказ, хьан ламанийн бохь т1е.
Дийцахьа, х1ай Кавказ, шираллехь дале,
Т1улгаш т1ехь дитина йоза схьаделлий.
Дукха йу лаьмнаша хьулйина къайле.
Муьлханиг дисина аланза илли?
Йуьхь-сибат, хат1 хаза Кавказан къаьмнаш,
Вовшашна г1ортор йеш, дехаш ду бертахь.
Сибрехан къахь 1уьйшуш 1ожаллин дарцах,
Х1инццалца 1ийжа цу баланийн чевнаш.
Кавказ, хьан дог хилла Нохчийчоь 1уьллу,
Дахар дац нохчочун ша хьох д1а къастахь,
Геналлехь буйнахь хьан лаьттан цинц къуьйлу.
Кавказ, хьо кхин хир йу нохчий ца хилахь
Х1ай Кавказ, дай баьхна беркате латта,
Сиэга хьан Эльбрусан некха т1ехь седа.
Муьлххачу лам т1ехь суо ц1ахь санна хетта,
Сан Кавказ, суна хьо т1ех дукха йеза!
Свидетельство о публикации №126061307018
