Жимачу вешина, Вахина лерина!
Хьо гаре са туьйсуш к1ад велла хьийза.
Ма хьалхе кьасти тхоьх, сан жима Ваша,
Ма цхьлха диси тхан дегнаш хьоьх лозуш.
Х1ун дар теш, хьан дагчохь, ца олуш диснарг?
Вари теш жиманиг, хьо тхуна реза?
Къастаро шелдина, г1айг1ане деха,
Массера тхан дегнаш хаддаза деха.
Майраллех, доьналлех дуьзна хьан жима дог,
Х1ун хьолехь ду теш и вирзинчу х1усамехь?
Тхоьлла а ч1ог1а хьо везна вукх Далла,
Хьуьлийла хьан х1усам к1егина, Ваха.
Аллах1а декъал ша бинчарех войла,
Эхартахь йохь сибат къегина гойла.
Тхан хаза, къонаха, жима хьо Ваша,
Аллах1а Фирдавсехь вай цхьана гойла.
Свидетельство о публикации №126060100247