***
Хохкуш йеза машен йацахь
Нахалахь хьо стаг цахета
Къонах хила хьо маг1ерта.
-Ишта йара положени
Кху т1аьхьарчу хенахь вайна
Амма хьал ду хийцлуш лаьтташ
Барзехь а цхьа де цалаьтта.
Машен лела некъаш хаьдча
Бинзин доккху нефть д1адаьлча
Ахчий-бохчий хан чекхйаьлча
Гучйер йу вай къонахчалла.
Хьарам-хьанал къаьста цадеш
Нехан хьацарх йоьг1на г1ишлош
Лаьтто цаловш и дегадеш
Херцош йохош вайна гур йу.
Г1ийла миска новкъахь латтахь
Хьо сацо цаваьшна машен
Сирник-баттах тар а йина
Хино керчош д1ахьуш гур йу.
Йа Аллах1! Шен бахамах ницкъах тешна
Кур волуш верг ахь харцор ву
Хьайх тешна верг 1алаш а веш
Ницкъ хьай хилар ахь гойтур ду.
Къонах вериг к1илло вериг
Цу дийнахь ахь гучвоккхур ву
Сийлахь дериг сий доцучух
Къасто адам ахь 1амор ду.
Свидетельство о публикации №126052902397