***
-«Дуьненнаъ дериг ду -ловзар»
Вай цкъаа а цалаьлла доьлхуш
Т1ехоттарх хало йа бала.
Ворх1е а стигал т1ейелхарх
Бухдохуш ворх1е а латта
Лелар вац Вайнахах цхьаа а
Дуьненан балхах шаькваьлла.
Цу чуьрка т1ома а меха
Дала ша лерина доцу
Х1ар дуьне ловзо 1емина
Дегнаш вай токхе деха.
Ирсана цадаьтта доза
Безамна цатуху дог1а
И бу вай дегний бахам
Шерашках ц1ийца схьабеъна.
Свидетельство о публикации №126052806412