Таймасха. 1832 ш
Кадели мостагlан Бийболат вен.
Йуха а баьччанаш ша-шена хlора.
Мехкан да дlавели, гlелдели гlора.
Мостагl шен тохараш чагlдан а вуьйли.
Йуха а тем боцуш цlий lена дуьйли.
Ткъа мохк ма буьсур бац да воцуш вала.
Теша нах, ларбийр бу Везачу Дала.
Йуха а тlекхечи бохамийн мур.
Чуьйр-эвла тlедеъна мостагlийн сур.
Йагийна, йохийна йуха а йурт.
Йуха а Орган тlехь эрчаллин сурт.
Гермчига, мостагlех турпала летта,
Чов хилла ма йуьйжи, чаччамаш кхетта.
Iалхан-юрт йохийна, Гих-ара бевли.
Котар-юрт, кlотараш йагийна йевли.
Сатосуш Гихтана тlекхечи сур.
Делира хlуо дегош курпалийн* дур.
- Хlун хилла? Мичахь бу? - маьхьарий дуьйлу.
Божарийн куьйгаша герзан мукъ къуьйлу.
Ткъа мостагl, шаьлтанах шен ларйеш ворта,
Дагахь вац йуьртана гергахьа гlорта.
Инарла лууш вац салтийн цlий lанадан.
Iалашо йу цуьнан йуьртана таlзар дан.
Лууш вац латарехь доьналла зен.
Атта ду омра деш четарахь lен.
Латарехь толарх ша тешна а вац.
Йаккхийчу тоьпашна дан хlума дац.
Генара чуйетташ йурт цара оту.
Йуьртахойн дегнаш чохь оьгlазло гlотту.
Собаре кхайкхарах кхехка дог lац.
Ткъа дуьхьал дlатоха йоккха топ йац.
Къаноша сацам би, йурт йита йеза:
"Девр дац вай цкъачунна къурд бина lеза.
Сонталла йу эрна хlаллакбар нах.
Шарlо а шаьш цlерга ма кхийса бах.
Гlийланиг веза вай кlелхьараваккха.
Вешан чlир оьцур йу гаурех тlаккха.
Дуьтур дац бекхамза зулам вай цкъа а.
Валаза виснариг ца вуьтуш цхьа а
Гихаца аьрцнашка довлалаш, нах."
Йуьртарчу цlеношха дийна дац ах.
Тарбели цкъачунна тоьланаш йаьхна.
Духур дац хиларах хало лан хьаьхна.
Таллархой ижунна аьрцнашка бевли.
Ха хlоттош туьпан го сарале къевли.
Дерриге хетало цхьа ирча гlан.
Цу дийннахь, хилале маьркlажан хан,
Кхеташо гулйели, дан дезарг дийца.
Кхеташ ду, муьлхха а некъ хир бу цlийца.
- Йихкина массо а дархочун чов.
Хlинца вай дуьйцур ду дан деза дов.
Йиш йац уьш бахийта, ца оьцуш чlир.
Йерзор вай белхаре гаурийн йир.
Кечлойла кегийраш пхьуьйрале кхана.
Уллалца хlорангахь хуьлийла чlана.*
Буьйсанна ара шу дезар ду довла,
Мостагlий кхиале Соьлжеха бовла.
Бахамаш талийна, дагийна кхаш,
Шайн ницкъах бlобулуш, малдина хаш
Богlура мостагlий самукъне, майра.
Йуьртахь шаьш хlоттийнарг дегнашна тайра.
Розенан эскарехь итт эзар цхьамза.
Эзаршца къийсар ду бlеннашна чаьмза.
Ткъа дукха-м ца хьийги толаман зовкх.
Чlирхой тlекхачарца дlайели шовкъ.
Хууш, цу эскарца шаьш ларор доций,
Буьйсанна кайетташ, кlелонаш лоций,
Чlир йийкхи гиххоша байъинчийн шайн,
Догlуш ма-хиллара ламастехь дайн.
Цхьа къона йуьртахо массарна тайра.
Мостагlех летара оьгlазе, майра.
Йоl санна хаза ву, чалдера цуьнца.
Каде ву, говза ву шаьлтанца-туьрца.
Ткъа латар дирзича волура гена.
Вовшашка хоьттура мила ву, хьена.
Иэхье и леларах тамаша бора.
Ткъа кестта йелира и къайле lора.
Кхеташо гулйира, динариг лийса.
Жигара бевлира дан дезарг къийса.
Хlораммо шен хьежам, лаам а кхайкхий.
Тхьамдано йуьстахара къоначе кхайкхи:
- Дийцал-ткъа, жима къонах, хетариг хьайна.
Массеран ойла йу ладаме вайна.
Мосазза тlом би вай? И жамlе дилла.
Къоначо жоп дели: - кхо латар хилла.
- Ткъа дукха дуй иза? Хьо муха кхета?
- Пайдане диллича, сов дукха хета.
- Дукха и хlунда ду? Кхетабе нах.
Стенца ахь хадабо гlуллакхан мах?
- Талламца, кечамца цхьа тохар деш
Далун дерг дира вай тlом кхуза беш.
Бlо кхолла безара, гуттар а кийча.
Стом хилац шен хеннахь синтар ца дийча.
Йуьртана гуттара ха латто деза.
Гlуркх боьхкуш ца хилахь хаьрцар йу леза.*
Мостагlна хаддаза терго йан йеза.
И гlуллакх кхочушдан иччархой беза.
- Кхетаме къамел ду кху кlанта дийриг -
Вистхили тхьамдалла тlелаьцна lийриг.
- Майралла, доьналла эшац вай дийца.
Иза а гайтина цо тlамехь цlийца.
Къамелан чаккхене вай хlинца кхаьчча.
Бlегlийла дарий-те и харжар баьчча?
- Реза ду - дlадерзий куьг куьйгах тоьхна.
"Кlентан" йуьхь цlийели, хьаьвзина воьхна:
- Йиш йац-те, йуьртахой, кхин сацам бан?
Амал дац тlеэца баьччалла сан.
- Йуьртан кхел тlеэцар декхар ду хьан.
Эшац кхин и гlуллакх дийцаре дан.
Кхин дан сан дац хlума... Къевлина буй,
Коьртара баьккхира кхакханан куй.
Белшаш тlе йуьйжира ши кlажар lаьржа.
Цу сохьта лохха "гlугl" майданахь даьржа.
- Таймасха йу сан цlе . Бехке ма дилла.
Баьччалла хьакъ долуш хир ву шух милла.
Да-нана дийна сан, везар а вийна.
Гергара цхьа а вац кхин висна дийна.
Дисна дац кхин хlума самукъадала.
Чlир эца кадаьккхи Сийлахьчу Дала.
Суо бlаьхойн могlарехь йитар ас доьху.
Хlумма а дахарехь кхин сов ца лоьху.
- Тlаккха, нах, хlун эр аш кху хьокъехь хlинца?
Хlун дича бакъхьа ду lадатца, динца?
- Мах цуьнан хадий вай йовзале хьалха.
Ткъа хlинца хlетте а йуьтур йац цхьалха.
Жоьпашкахь массо а къонахел тоьлла.
Тlамах а, цlарах а и цаьрца йоьлла.
Хьакъ йу и бlаьхошна куьйгалла дан.
Оьшуш дац сацам кхин бийцаре бан.
Цу дийнахь къегина Таймасхин седа
Итт шарна хьаьхнера махкана сега.
*Курпал - оьрс. мортира.
*Леза - оьрс. воз.
Свидетельство о публикации №126052404632