Дешел деза латта
Цкъа а дац уьш латта къуьйссуш.
Малх бу царна йовхо кхийдош,
Цхьабосса и д1асайоькъуш..
Дог1а деъча латта 1абош,
Орамаша 1аббалц муьйлу.
Олхазарша хьун ца къуьйссу,
Эшаршка уьш бертахь дуьйлу.
Дала доза доцуш йелла
1аламна Шен исбаьхьалла.
Цу ни1матах оьцуш пайда,
Диеза хьоме латта лардан.
Кху дуьненахь вайчул хаза
Вайчул беркат долуш латта
Карор дац мел лехарх деха.
Дешел и ду безчу меха.
Свидетельство о публикации №126052204112