Латта ларде вай
Зезагаш кхиош.
Вайн латта ц1анде вай.
Харцонаш иэшош.
Синтарш д1адог1а вай,
Бошмаш кхиийта.
Дуьненан серлонга
Хьала кхийдийта.
Хьо йуьстах ма латта,
Мохк безаш велахь.
Дикане г1улч йаккха,
Хьуо нохчо велахь.
1аламо схьагойту
Диканиг вайна.
1алам ма аьхна ду
Т1алам беш лардахь..
Свидетельство о публикации №126052204092