Г1иллакхе хиларо

Оьздачу г1иллакхо хьан амат хаздина,
Лераме хиларо хьан г1иллакх марздина,
Сов ц1енчу  амало дегнаш чу йиллина,
Могшаллийц йехийла хьо тхуна гуттара.

Йиш йоцу йиш хилар ахь суна дицдина,
Оьшучахь даимна хьо йиша хиларна,
Дедоьхна де деъча, сингаттам байбина,
Хьай кийрахь бусулба  ц1ена дог хиларна.

Доьзална дик Нана хилла хьо чекхйаьлла,
Хьайгара доьналла цаьрга д1акховдийна,
Х1усамда  веза хьаша вина ахь лелийна,
Далла доьхьал ваххалца, цуьна сий лардина.

Хазачу г1иллакхца, ц1еначу амалца,
Хьо тхуна могшаллийц вай Дала гойтийла,
Барт-марзо латторца беркате дахарехь,
Хьан седа кху х1усмехь даимна  лепийла.

15.05.26шо


Рецензии