овжийна дог
( Эдуард Мамакаев дахарах йоца кийсаг )
;ОВЖИЙНА ДОГ
Телвизар латийча дуьненна йевзаш,
"Ларве со"- ц;е йолу программа йу,
Цу чохь верг генара хиларна вевзаш...
Ойлане йаьлла со, ладуг;уш йу.
Дех йиснарг лоьхуш ву, таллам д;ахьуш бу.
Цу зал чохь гуш мел верг б;аьрг боьлхуш ву.
Йахна хан йуьйцуш йу, ден йезар лоьхуш,
И лаха бохушверг Эду-хьаьжа ву.
Дех хьоьгуш лелла и цуьнан сий дойтуш,
Теллина х;ора лар, х;ора а з;е,
Шен къомах йац , бохург - ойланехь доцуш,
Доггаха кхойкхуш йу шен керта, - ;иэн.
Мух-мухха лоьхуш вац, ду орца доьхуш,
Талламца г;аттийна дерриг дуьне,
Шен дена йезнарг йу орцанца лоьхуш,
Вовшашна довзийта кхойкху шуьне.
Амма хан йаьлла д;а, кхечи кхаъ шийла:
Ша йезнарг виц ца луш кхелхина и !
Б;аьргашчохь сурт лаьтташ сатийси хийла,
Амма и нохчийн к;ант цунна ца ги.
Т;ехь йоцу ц;е кхуллуш, маршонах бохуш,
Набахтехь нисбелча бевзира уьш,
Цкъа нийсо тулур йу! - вовшашка бохуш,
Хало ловш, лийлира, ;едална луьйш.
Б;аьргех хиш довларо деган чов гойтуш,
Шийлачу хаамо ;овжийна дог,
Лелара Эдуард, ден лар ца йойтуш,
Ден беркат ц;адерзо боккхура ког.
Хьо саннарш кхуьийла доьзалехь баха,
Орамаш лардайта, ларйайта з;е,
Эду-хьаьжа хьох оьцуш масала наха,
Сий ойъуш ларйайта дех йисна ц;е !
15.06.22ш. / 05.05.26ш.
Свидетельство о публикации №126051003457