Б1аьсте йели

Б1аьсте йели, Даймохк кхолуш,
Маьлхан денош дахделла..
Байт1ехь  бераш  доггах ловзу,
Вовшех самукъа даьлла.

Гонд1а долу 1алам делош,
Хьежош б1аьргаш стигала,
Зезагаш  ду цхьаьна техкаш,
Деладелла дуьненна.

Олхазарша 1уьйре марзйеш
Зевне шакарш хиезайо.
Мела, мерза х1аваъ гездеш,
Дагчу марзо кхийдайо.

Синпарг1ато махкахь йаржош,
Б1аьсте йу  шен болар деш.
Лерса хьосту аьзнаш 1енош,
Ц1ехьа йирзи г1ар1улеш.


Рецензии