Мовси лазам

Раиса Абубакарова - Джабраилова.

МОВСИ ЛАЗАМ

Азаллехь са кхуллуш кхоьллинчу Дала,
Мерза са декъарца кхолларна  вай,
Да, нана цхьаъ хилла дуьненчу довлар
Ирс хеташ ваьхнера хан йоккхуш  сайн.

Дейишас мехала совг1ат ду бохуш,
Мовса а, Масраъ ц1е тиллира вайн,
Цхьана кийрахь 1иллина йиш-ваша бохуш,
Ц1е тиллар харжамца ца дити дай.

Беркате йиш-ваша ду бохуш наха,
Доьзалехь къаьсттина барт бара вайн,
Вовшех са д1аийна кхолларна даха,
Дика-вуон вовшашлахь ца къастош лай.

Хийлаза г1о доцуш со цхьаллехь висча,
Орцанца со лоьхуш кхачара хьо,
Хьан лазам хаалуш де доьхна йисча,
Халонах йаккха хьо вог1ура со.

Амма ницкъ ца кхечи 1ожаллах йаккха,
Делан кхел хуьйцийла ца хили сан,
Ницкъ боцуш виси со кхин д1а хан йах йан,
Ца йоьрзу хьан чевнаш йерзо г1о дан.

Хийрачу махкахь со цхьаъ виси лела,
Сан сих са х1оьттинарг кхин соьца йац.
Йа Аллах1 хьо гуш ву кхоьллина Дела,
Сан кийра йаьлла ц1е йайъалуш йац.

Дависа Делан кхел лан хала хилла.
Йа Аллах1 Хьан дуьхьа сатухуш  ву.
Йишина уллехь са дисарна 1илла,
Хуорамца йисна хан ас токхур йу!..

19. 04. 26ш.


Рецензии