Сайдумова зулай
САЙДУМОВА ЗУЛАЙ
Ло тесна 1аьнан куц тодеш
Т1екхечи хьо йина де,
Хиларна марзонаш ч1аг1йеш
Ларамца йоккху хьан ц1е.
Зулай хьо йехийла г1оза,
Ирс , аьтту хуьлийла хьан,
Тхан дегнаш хьосту ахь говза,
Лаамца тхо ирсе ган.
Нахана йезнариг Далла
Йезаш йу, олуш ду вайн,
Ирсе йу йовзарна аьлла,
Дог-ойла йосту ас сайн.
Беркате Ша1бан бутт санна
Беркате хуьлийла хьо,
Дала т1еиэцна йал санна,
Декъала хуьлийла хьо.
Ирсанна доцуш цхьа а доза,
Безачех стамбелла гуо,
Зулай хьо йехийла г1оза.
Даггара хьо декъалйо.
05.02.26ш.
Свидетельство о публикации №126041305493