НАНА
НАНА -
Дуьненчохь йолуш хьо лайна ахь бала,
1емина, къар ца луш тхан дуьхьа йаха.
Моьттура тхайца хьо йуьтур йу Дала,
Хьо йоцуш мел хала хиллера даха.
Доьналлех а йоьхна орца ца дохуш,
Тхо доьхна ца гайта йуьхь-сибат къовлуш,
Хиллера нана ахь синош ца дохуш,
Лазар хьайн ч1аг1делча мохе а йолуш.
Де-дийне мел долу йелла хан Дала
Цамгаро д1аоьцуш хилла хьан нана,
И лазар лайра ахь хастам беш Далла
До1ийца кховдийна вайн Деле кана.
Ийманах ца йухуш 1ожаллийн метта
Т1аьххьара тевжи хьо кийра ц1е летта.
Хан-зама д1айаьлча нана со кхетта,
Ницкъ бехна-м хилла ахь Деле - садетта !
Ненан хьакъ кхочуш деш ц1адог1у лардеш,
Биен-берса баьккхина хьайн кхача нисбеш,
Ховхачу куьйгашца тхан дахар туодеш,
Нана кхин ца го хьо вайн х1усам йохйеш.
25.02.26ш.
Свидетельство о публикации №126041305439