Нохчаллин суй

Вай моллу кад вайца lемина мийла
Хlусам а, йасйелча хуьлуш йу шийла.

Буьйсанан тийналлехь хезна ду хийла,
Тхов базлой, пенаша узар деш гlийла.

Вайн дегнаш нохчаллин хlусамаш йеца?
Хlусаман йерда-кхерч нохчийн мотт беца?

Ламасташ ду къоман сийлаллин васт.
Кхерчарчу цlергахь ду ламастийн хьаст.

Цlе хаьллачу хlусамах шийла каш  хилла.
Хlусамах ваьлларг ву декъаза, тилла.

Пайда бац лелабарх холхазан куй,
Дегнаш чохь ца хилахь нохчаллин суй.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →