Цициг, дахкий

/доцца туьйра/

Цхьана дийнахь  цициг дара
Хьеше кхайкха кечам беш.
Чукхойкхуш берг дахка бара,
Баа дагахь, х1илла деш.

-Вайша вовшахкхета деза,
Вайн гергарло ч1аг1 а деш,
Ас кхайкхинче хьо бан беза,
Хьуо соьх тешар т1еч1аг1деш.

И шен хеннахь схьабеара,
Ша делла дош лар а деш.
Дахка-м доггах лелаш бара,
Цициг дара.к1ело йеш.

К1еда г1ента хьаша хаош,
Цициг гонах делира.
Метах хьедеш деха мекхаш,
Шен къамел д1адолийра:

-Соьх ма кхера, жима к1орни,
Лоргур ду хьан мекхаш, кортий.
Мерза даар бете хьош,
Аса ца лов деха чоьш.

Дахка ч1ог1а кхерабелла,
Сиха детталуш ду дог.
Хоьтту:- Хьо со баа доллу?
Хьаша виънарг эр ду хьоьх.


-Ахьа Бабин дама дуу,
Галеш дохош, доккху 1уьрг.
Буса къайллах схьадо луъург
Йожа йитац баьпкан цуьрг.

-Со-м хьо даар хеташ даций.
Хьол мерза йу «китти-кетт»
Бабас аьлла,  схьа а лаций
Дехкех ц1анйе шен ков-керт!

-Оьг1азе хьо схьа ма хьиежа,
Со  бабина  мостаг1 бац.
Вайшимма цхьа барт бан беза,
Со кху кертахь кхин гур бац.

Мерза даар хьуна эцна,
Хьо хьан бабас хьостур ду
Х1инца  ахьа со д1а хиецча.
Ас кхин меттиг лохур йу.

Лула  бАха дахка бахна.
Бабин даьлла самукъа.
Ша боккха болх бича санна
Х1инца  цициг  кура 1а.


Рецензии