1аьржа марха йилхира
Бамба санна севсина,
Йусайелла, 1аржйелла,
Марха йелха йуьйлира.
Цунна улле х1оьттина
К1айк мархано хаьттира:
-Доттаг1, хьуна х1ун хилла,
Халахетар хан дина?
Геннахь стигал къевкъира,
Стелахаьштиг туьйхира.
Дог1а чехка делира,
Бераша четарш диллира.
Т1ак-т1ик-т1ак-т1ик хиезара,
Хьоза бенчу хьаьдира.
Т1емаш д1асадаржийна,
К1орнеш гонах гулдира
Шена йелха к1ордийча,
Марха къайлайелира,
Кестта малх схьахьожур бу,
Йовхуо лаьтта кховдор йу!
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №126040604075