Хьомечу к1антана лерина

Т1едог1уч дог1ана х1ора а т1адамца,
Къеганчу цу маьлхан х1ора а з1аьнарца
Аллах1а къинхетам боитийла хьуна,
Сан хьоме, яхь йолу, дика к1ант, Шаид!

Бодане де деъча, лечкъана малх санна,
Цицигийн гуламах хьулбелла дахк санна,
Массо а ирча б1аьрг хьан сибтах тилорца,
Аллах1а могшаллийц хьо вахавойла.

Де дийне мел дели беркатца соввохуш,
Шо шаре мел дели  иманехь кхиош,
Аллах1а даимна хьо лелавойла,
Хьай дена дика к1ант хил пурба лойла.

Сан хьоме, лераме,сийлахьа Шаид!
Хьо цхьаъ бе ца хиларх,Дела ву накъост,
Ас Ненан до1нашца Деле хьо воьху,
Аллах хьайн резавар даимна леха!

02.04.26шо


Рецензии