Сан хьоме Дада
Муьлххачу хаттарна жоп ло цуо суна.
Дахарехь нийса некъ цуо гойтуш бу,
Оьцур ду даима масал ас цунах.
Баккхийчийн ларамбан 1амаво цуо.
Г1иллакхах ма вуоха, кхетам луш, олу
Дош ала да волуш, воккхаве со,
Ас цуьнан хьехамаш лаккхара лору.
Къобалдеш, цкъа аьлларг, т1еоьцур ду:
-«Дикачу к1антах бен къонах ца кхуьу.
Хьанал къахьоьгуш верг тоьлла верг ву.
Собарх ца вухуш верг наха а лору».
Хаставо сий дарца хьомсара Да.
Лелаш ву Дадех со самукъадаьлла.
Лууш ву цуо санна диканиг дан,
Нацкъара лаьттар вац Дадина цкъа а
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №126033104771