Ломмий, поллий

Зезагашлахь хьийза полла,
Детташ т1емийн дари.
Зазан мерза мутт а мелла,
Т1ома бала ларий.

Дижна 1уьллу лом дахделла,
Толлуш хилла аьтто.
Со гуш дуй те цунна?- аьлла,
Озалуш, лом г1аьтти.

-Сан кхес к1еззиг  ларга еза,
Хьирчина йу,  йеха.
Хир бу корта т1аккха хаза,
Полла хир бу реза.

Зезег т1ера хьала г1оттуш,
Полла лоьме хьаьжи.
-Хьо со санна т1емаш тухуш,
Лакха дала хьажа

- Ахь х1ун дуьйцу, хаза полла,
Сан дег1 деза ма ду.
Цулла, хьо сан мер т1е хаахь,
Вайша къамел дийр ду.

Полла доггах белабелла
Цхьогал дагадеъна.
Мацах Бабин Колобок а,
Мерт1е  хиъча, йиъна.

-Мер т1е хаъал хьох ца теша,-
Олуш, и д1атили
Цец а даьлла, т1аьхьа хьежа,
Лом ша долччехь диси.

Азман Джабраилова


Рецензии