1одика йойла хьан, берийн беш
Берийн беш йу серлайаьлла.
Бераш хьийзаш ду т1ахъаьлла
Д1аса къаста хиларх хала,
Деза тахна вовшах довла.
Тхан кхиорхой. хьехархой!
Берийн бешан белхалой!
Куьйгаш ду шун довха, меда
Олу дош а хуьлу к1еда
Т1ома даьлла хьоза санна
Гена девр ду шуна кхана.
Аша тхоьца хьегна бала.
Лаьа шуна баркал ала.
Тхо а ма дац шекар санна
Мерза амал йолу бераш.
Жимма цатам хилча тхайна
Оьг1аз оьхуш, вуон а лелаш
Тхо д1адоьлху - школе даха,
Книгаш йеша , йоза 1амо.
Дог1ур ду тхо хьеший хилла,
Диц ма делаш аша тхо а.
Берийн беш йу серлайаьлла,.
Йу и бераш арахоьцуш.
Школе даха новкъа дохуш
«Шун 1одикайойла»- бохуш.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №126032803787