Берийн беш, 1одикайойла!
1одикайойла хьан,
Берийн беш хьоме.
Масех шо дели тхан
Ахьа деш дола.
Кхузахь тхо 1емира
Сурт дилла, ловза.
Воккхачун лерам бан,
Нохчийчоь йовза.
Д1адоьлху тхо тахна
Хала ду къаста.
Кхин бераш тхан метта
Дог1ур ду кхана.
Аша уьш 1амор ду
Шайн йуьхь - куьг йила,
Ца к1ордош хьоьхур ду
Г1иллакхе хила.
Тхан хьоме кхиорхо,
Куьг лоцуш ховха
Собаре хили хьо,
Дош олуш довха.
Эсалчу б1аьргаш чохь
Оьг1азло йоцуш,
Вуолелларг ца чехош,
Тхан дегнаш хьостуш.
Цундела даггара
Баркалла олу!
Тхан хьоме берийн беш,
1одикайойла!
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №126032803757