Барзах угlар барзехь тов...
Нохчийн ломахь - тlулган бlов.
Нохчи ца лер нохчийн маттахь-
Бlаьвнан дагтlехь дlаьвше чов.
Къоман кхетам - бlаьвнан тхов.
Хийра дешнаш - шийла ткъов.
Мотт шен бицбар - lаьнан чилла.
Тхов чубужу йазлахь гlов.
Муьлхха бохам бlаьвно лов,
Гlура йарах, хlоттарх тов.
Ткъа тхов бацахь, хаьрцар йу и,
Йочана цкъа йалахь сов.
Свидетельство о публикации №126031808537