Марханаш массери къобала хуьлийла

Т1екхечи дезаш вай лардина деза де,
Нияташ  кхочуш деш, сатийсин хаза де,
Марханаш къобала массери хуьлийла,
Лайначу халонна мела а йазйойла.

Беркате хуьлийла вай кхаьбба марханаш,
Иманца-ихсанца совдохуш Аллах1а,
Уьйранаш ч1аг1йарца, дог-ойла г1аттаеш,
Жоьжахит1ан  ц1арах  вай маьрша а дохуш.

Хуьлийла декъала х1ар беза Рамадан,
Хуьлийла къобала мел дина до1анаш,
Вай йинчу 1амалшна Ялсмана не1 йоьллуш,
Аллах1а геч дина, вай декъал дойла!!!

Ц1еначу дегнаш чохь вайн йовхо йохьуш,
Не1ар  т1е  хуьттуш ду самукъне бераш,
Ч1ег1ардгийн шабаршца кхаъ хуьли лела уьш,
Цаьрца ду дерриге дахаран беркат.

Къобала хуьлийла массери марханаш,
Дерриге диканиг х1усмашка кхочуш,
Юх шарахь уьш кхаба вайн Дала пурба луш,
Хуьлийла беркате вайн дисна шераш!

10.03.26шо


Рецензии