Бакъо

Гуш йолуш дуьненан харцо,
Сийсаз гича дастаме хьал,
БакъонтIехь ца аьлча дош,
Мегац со хиларах леш…

Харцоно хоттийча гатто,
Бакъонаш – кхайкхайо матто…
Далла гергахь велахь со бакъ,
Вац со цхьа кIеззиг шек!

БакъонтIехь ца лийча мотт,
Сан даго хоьтту цуьнга чот:
«ДIа ала бакъ долу дош!» -
Бохуш цо чехабо мотт.

Берриг сан къийсамаш хилла
Харцонна доьхьала, сирла.
Галваьлла хиллехь со теш,
Йа АллахI, дехьа суна геч!

Бакъо сан Iалашо ю,
Нийсо сан нийат ду.
Вайн Деле боьху ас некъ –
БакъонтIехь ваккха со чекх!

05.02.2026


Рецензии