Къоналла карарчу м1аьргонца йеха...

Къоналла карарчу м1аьргонца йеха.
Кхетаме воккхалла кханене сиеха.

Аьрхачу къоналло хьуьнараш лоьху.
Воккхалло урх озош, некъ цунна хьоьху.

Къонаниг, сихаллехь, дарц долчу г1ерта.
Воккхачо ло цунна т1екхолла верта.

Жимхана нийсархой, синкъерам оьшу.
Зеделла воккхалла хиндолче хьоьжу.

Къоналла - ц1еран суй. Ойланаш - мох.
Воккхалла - ц1е сацуо шу оху нох.

Ц1е - йовхо. Ца хилчи йиш йаций им.
Ткъа тесна йитахь, бо дахарах чим.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →