Ширделла дог1у вай шераш
Тишделла дог1у вай дог1маш,
Болар а галдийла доьлла,
Хеназа къандала доьлла.
Сихделла, д1адаг1и шераш,
Хиллачун ойла яр доцуш,
Могшаллийн терго а ца еш,
Аьрзанаш геналле тоьттуш.
Моттарца, могшалла цкъа а
Тишлур яц, хир ю и гуттар,
Коьртаниг дахар ду, бохуш,
Кхиндериг башха ца хеташ.
Де дийне дала а доьлча,
Болар а тишдала доьлча,
Самукъне д1айала йоьлча,
Аьрзанех т1аккха вай хьерча.
Амма цо байтмалла олу,
Дарбанаш леха хьо ваьлча,
Могшалла чеккхенга кхаьчехь,
Сатоха, бу и хьан кхоллам.
27.01.26шо
Свидетельство о публикации №126012706030