Суьйр-Корт. Чиллан бутт, 1807 шо

Ткъесналгlачу бlешеран йуьхь йара тийна.
Моьттура даьлла къам дахаро зийна.

Ткъа лаьцнарг хиллера саьрмакан дуьхь.
Уггаре къизачех бlешеран йуьхь.

Кост кхечи, инарла Булгак ву бохуш
Итт эзар цхьамзанца Нохчийчу вогlуш.

Кхайкхам би, къонахий дlакхойкхуш гlоьнна.
Хан-кхаьллахь гуллуш бу нохчийн бlо денна.

Чlагlйина ханнашца Шин-Суьйран йукъ.
Иччархой хевшина, дlалаьцна дукъ.

Богlуш бу мостагlий, бlобулуш шайх.
Чам кхетта, шайн дагахь, хиндолчу цlайх.

Баьччано хьалхахьа дlауьйхьи тур.
lадийна хьун дели мажарийн дур.

Таьллашна йуккъера ткъесан цlе сега.
Догlанах даш lенаш, мостагlий эга.

- Ма бита гlовтта уьш! Тlетоха шолгlа!
Ца оьшу йовсаршна кхоадан молха!

Узарш а, маьхьарий... Сакхдаьлла хlуо.
Цlийделла хlинцале гондахьа луо.

Цхьаъ воьжча, цу метте кхин шиъ дlахlутту.
Тоьпаша йохийна зlе цара хутту.

- Хlа-хlани, же даха баттара тарраш!
Кегдер вай шайн ницкъах тешначийн карраш!

- Гора-йаl! Тохалаш!.. тlом кхехкабели.
Шаьлтанийн хелхарехь тоьпийн дур хели.

Дарзала, тlапа а куйнаш ду ийна.
Луо а ду lаржделла, когаша хьийна.

Борз-нанас жех санна, шен кlезий lамош,
Катоьхна бухабевли, дера дог lабош.

Стигланаш къевкъина, латтанаш дийги.
Нахана кегдина дитташ тlеийги.

Уьш йакхий тоьпаш йу, цlе lетто йоьлла.
Чlагlонаш латтайар халонга даьлла.

Дошлой а гlашбехи, дан дагахь хlилла,
Карийна гlашсалтий гlорасиз хилла.

Гlашбевлла гусараш нохчашна ги.
Хlиллана дуьхьала хlилла а ди.

Тlехьашха тlелетта, лаьттаче ковраш,
Цlеххьанчу тохарца дlайиги говраш.

Мостаг;чун цхьа чlагlо лаца кайели.
Вукхухьа пхи баьlа говрах а вели.

Йуха а йоккха топ цlе lетто йолуш,
Тоьпийн дур дlатийча таррийн зов долуш,

Итт сахьтехь лийтира, ца кхоош са.
Дахар шайн диллина лардарна цlа.

Лардархойх хlоранна уьш иттех кхочу.
Йаккхийчу тоьпаша чlагlонаш оту.

Са ма-дду летахь а, эххар ницкъ хели.
Бухабовла дезаче гlуллакх а дели.

Ткъа толам белахь а, мостагlчун хилла,
Эзар уьш висира цу чlожехь lилла.

Атагlа кхечира, сацо ницкъ боцуш.
Ткъа цигахь дуьхьало хилира кхочуш.

Хаддазчу тохарша малдина са.
Гlелбелла мостагlий бахара дlа

Хlун лоьху, йист йоцу шен мохк а битина,
Кху лаьмнийн тархашка далочо питана?
 
Латта и веъна-те ца тоьаш ваха?
Ткъа иза-м цуьнан ду, да воцуш аха.

Веъна-те мацалло хьовзийна гатте?
Ткъа цуьнан йалта ду, ца тарлуш хьаьтте.

Веъна-те кхерамо маьлхан нур кхолийна?
Ткъа цуьнан эскар ду, тlом шинхьа болийна.

Хlан-хlа, и валийна мацалло син.
Лелац и дан г;ерташ дахар а ц1ин.

Саьхьарчу даго и гlаттийна лела.
Бац цуьнца къинхетам. Вац дагчохь дела.


Рецензии