Сих ца луш, сан ваша, нийса некъ харжа

Кхоьллинчу вай Дала х1оранне тахна
Дуьненахь харжам бан бакъо ю елла,
Ахь толлу дахаран, чучч хьийза,некъаш,
Ойла ян витац хьо, шайн куцах 1ехош.

Шийлачу ойланца,довхачу дагца,
Сих ца луш, сан ваша, нийса некъ харжа,
Вог1уш хьо ма варра,хиларха миска,
Эхье дац,  Дела ву луш вериг рицкъа.

Къахьега, цкъа а хьо лир воцуш санна,
Бахьнашца ду беркат, хуьлуш дол вайна,
Цундела, ойланца хила хьо сема,
Хастам беш вай Далла х1ора а денна.

Ахь, ч1ог1а къахьегна, гулдарах рицкъа
Йа бахьна хоьттина, лаьллехь хьо миска,
Хаалахь, харжам бан ца кхаьччехь хьекъал,
Кхерам бу, эхартахь ца хиларн декъал.

09.01.26шо


Рецензии