***

 Ц1еххьана цец воккхуш дахаро човхийча
Г1арч1 аьлла  шен шийла т1амаршца  лаг лаьцча
Баланах мохь буьзна хьо некъа вяькхча
Хетало хьой цхьаъ ву зуьш вериг Дала

Дерриге а хетало берд боцу х1орда
Мел нека дарах саца ца соцуш
Собарах тис а луш хьо къар ца валарх
Мел дехарх ца кхочуш ирсан т1е цкъаа

Сихлой д1а дойойъу ирсана лараш
Коьрту схьа лоцу вуочунна дуьрсташ
Мохь бетта шен т1яхьа  дуьтуш диканаш
Хьодий дог доьду 1осаллийн не1ара

Ткъа велахь дог тешна хьо Деле воьрзуш
Суджудан корт тухуш геч дар хьайн доьхуш
Тешалахь дохур ду малх кхетна денош
Мел лайнарш а мел гинарш а г1ан санна дойъуш

Сих ма ло букъ тоха дог дилла тахна
Кханено гойтур ду хьо тилла хилар
Баланаш а г1айг1анаш а - дуьненан сийсараш(тяготы)
Диканаш а ду хьуна дуьненан х1орматаш( испытания)

07.01.2026
Айза Тайсумова


Рецензии