Бацхьара йиш йоцу, сан хьоме доьзал
Дахарехь, эхартахь хуьлда шу декъал,
Иманехь-ихсанехь вай Дала ч1аг1деш,
Дехийла барт болуш,ирсаца гуттар.
Бацхьара йиш йоцу, сан хьоме доьзал,
Гойла шу даимна г1иллакхе, эсала,
Адмашца к1еда верг Далла а веза,
Дов доцу ч1ир ериг цхьанна ца веза.
Бацхьара йиш йоцу, сан мерза доьзал,
Хуьлда шу, сан даго ма бохху, декъал,
Дуьненан харцонех Кхоьллинчо лардеш,
Массо а баланех сан до1наш къехкош.
Дехийла даимна, лар йуьтуш хаза,
Боккху ког беркатца,олу дош мерза,
Х1ора а хуманийн хуьлу шайн доза,
Цундела шайгара г1иллакхаш оза.
Муьлхачу х1усамехь ларъе деш бакъо,
Алале - Эла, цул т1аьхьа ву лай хьо,
Сихаллехь аьллариг, г1айганца доьрзу,
Цундела маь1ан де х1ора а деша.
Бацхьара йиш йоцу, сан хьоме доьзал,
Лойла шун Аллах1а дуьне лан доьналла,
Шун меха дахарехь хума дац суна,
Хуьлда шу хиллачех уггаре декъал.
30.12.25год
Свидетельство о публикации №125123001949