Хаз дош аларц масал дечахь
Дог хьостучахь комаьршаллийц билгал яьлла яр хьо, йиша,
Бера г1ийла хьайна гича, Нана хуьли д1ахоттара,
Ишта хаза амал идош,дуьне довза ца г1иртира.
Адам дезаш, даим къежаш, кху дуьнено хьо ца 1ехош,
Ховха ойла дагца кхиош, къайла ели, и охь дуьллуш.
Декъал хила хьо, сан йиша, дукха марзо яра хьоьца,
Масаллийца хьо хьахочахь, хьан дикаллийн дукхалл йуьйцу.
Ца дити ахь цхьа а вониг хьайха лаьцца,дийца тахна,
Цициг хуьли, дагах хьерчаш,хьо яьллера массо эцца,
Жима-воккха вацар къастош, массо вара хьуна везаш,
Цундела хьан ц1е яккхарца, сан ойла ю нурахь лепаш.
Массо ведда-хьаьдда лела,дуьненца шен кхане лоьхуш,
Цу сихаллехь яц и ойла, кхочуш сама яла кхуьуш,
Дуьне дуьтуш,адмаш дезаш д1авахнариг хир ву г1оле,
Хунда аьлча, яц кхун кхане, цхьа дог ду вай д1ахур дериг.
06.12.25шо
(Х1ар байт хеназа д1аяханчу хьомечу йишин Шапа1тана
лерина ю. Дала декъал хиллачарах йойла и!)
Свидетельство о публикации №125120602739