Дахаран зезаг

Сан даг чохь кхуьуш ду дахаран зезаг,
Х1ора а б1аьстенца заздоккху цо,
Цун б1аьра хьежарца д1аоьху денош,
Цун т1ера тхи муьйлуш йехаш ю со.

Сан дега йовхонан самукъне орам,
Хьо баьржан кхиаре сатуьйсу ас.
Г1а даьлла, стомделла, хьо малхе даьлча,
Со парг1ат хир йара, д1ахецца васс.

Сан ц1ена, сан сирла, дахаран зезаг,
Хьан хазчу леларца со йуьлу токх,
Хьан иман, хьан амал, лераме г1иллакх,
Беркатца хуьлда  ахь мел боккху ког.

Кхуьийла даимна сан дагчур зезаг,
Йовхонан 1аьнарца и кхиъ хазлуш,
Сан йовхо д1аялахь, бацалахь лепаш,
Зезагийн байлахь а т1ех ирсе долш.

Сан дагна хьомсара, дахаран зезаг,
Дуьненахь хьан меха сан хума дац,
Гойла хьо даимна ирсана къежаш,
Бохуш цо:" Хьо йоцу дуьне сан дац!"



25.11.25шо


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →