Хилийтиша Нана

Хилийтиша Нана ж1алех леташ,
Хилийтиша дечиг доккхуш т1ехь,
Мацалл латтош,дийнахь-буса чехош,
Яьлла лелаш,ца соцуш шен чохь.

Хилийтиша Нана барзах тера,
Г1ире,дера, йоцуш семанчохь,
Цо динарг цун беро ловр ду атта,
Аш ма йайша нийсо царна т1ехь.

Хилийтиша Нана буьрса буьйса,
Уг1уш сирчу барзах, дууш  са,
Т1аккхаъ еза-кх берана шен Нана,
Елахь а  и боьрахь   лаьцна   ча.

Хуьлийла и Нана муьлхач къомах,
Хуьлийла и сакхте, ирча таг,
Шен берана ду и дешийн шелаг,
Делахь а и стоьман юкъар лаг.

Хилийтиша Нана сакхтийн бала,
Дерриг г1алат долуш сица шен,
Цун доьзалшна ю и сирла г1ала,
Ма г1ертийша йохо г1ала цер.

Цундела, хьайн дахар хаз дан хьажа,
Бахьнаш лахар эхье леран дац,
Амма наний- бера къасто вахьахь,
Дела кхелах хьо  вала лур вац.

Хилийтиша Нана ж1алех леташ,
Хилийтиша дечиг доккхуш т1ехь.
Нана берах къастор аш дитийша,
Цул къиза хум дуй-те лаьтта т1ехь!?



21.11.25шо


Рецензии