Х1ай, г1ала!
Ма хаза кхоьллина хьо везчу Дала,
Хьан нурах ца 1ебаш, массо ву арахь,
Де-буьйса ца къастош, хьоьх самукъдаьлла,
Урамаш толлуш ду вай адам денна.
Йехийла маьрша хьо, сийлахьа г1ала,
Хьан кхиарц жимбелла дагт1ера бала,
Селхана, хьо йохош,дилхина дегнаш,
Тахана зезагийн байлахь ду лепаш.
Къинхетам вайх барна, хастам бу Далла,
Цо тахна къагийна турпала г1ала,
Турпалхо къомана схьавелла Дала,
Бакъонаш д1аелла, ваьккхина ара.
Аллахера доцуриг, дацшуна цхьа а,
Дерриге дуьне ду юьйцуш вай г1ала,
Сийлахьа къома к1ант ву са д1аделла,
Цундела вай г1ала суьртах таръелла.
Х1ай, г1ала!
Гойла хьо даимна самукъне, башха,
Зезагийн мутт муьйлуш, хьан куц кхуьийла,
Бехийла сийлахьа къонаха вежарий,
Уьш мел бу, Нохчийчоь лепар ю сирла.
17.11.25шо
Свидетельство о публикации №125111702969