Барт, марзо йолу заманаш
Барт марзоно серлайохура х1етахь х1усамаш...
Кхокханан х1оаш санна, кхин йаккхий а ца хуьлура чоьнаш,
Амма ч1ег1ардиган к1орнеш бена тарлуш санна, мел боккха а доьзал тарлора царна чу.
Цхьана кедара йуура, цхьана кедара молура, цхьаьна дуькъура диканаш,вонаш,
Тахана и зама букът1ехьа а йисина, масане вайна дагахьбалам бу...
Ма дарра аьлча, и хаза чукаре, т1екхаре г1ел а йелла, хийла вайх туьтмакх санна цхьалха ву.
Х1етахь вог1у-воьду хьаша-да а хуьлура зингатийн чух-чухула дийлар санна,
К1орда а ца вора х1оразза а пхьуьйра хан хиллалц сакъера вог1у самаьрша лулахо а.
Хилларш дуьйцура, лелларш дуьйцура, сакъералора туьйранахь санна,
Хиллехь а хало, бала, оцу заманахь марзонна йацара новкьа нисбеллачу т1улгал дуьхьало а.
Тахана оцу заманца дуьстича, дукханнан аьттонаш бу, таронаш йу .
Г1аланаш санна х1умамаш йу.
Ткьа уьш каш санна шийла йу,
Х1унда аьлча, цу чу хьаша-да ч1ог1а лилха вог1у.
Замано кхин цу марзонна дахар а ца оху.
Тахана и зама букът1ехьа а йисина, масане вайна дагахьбалам бу...
Ма дарра аьлча, и хаза чукаре, т1екхаре г1ел а йелла, хийла вайх туьтмакх санна цхьалха ву.
Вайн наь1арна т1ебог1учу некъа т1е бай баьлла,
Вайн марзонаш х1инца ц1ерайевлла, акхайевлла!
Ноябрь 2025 шо
Свидетельство о публикации №125111407484