Вахабов Джамбулатна лерина

Бераллехь вай цхьана идина некъаш,
Хедийна урамаш,кегийна чан,
Тахна сан ойлано эзар  го  тоссу,
Хилре сатийсарца  гушдериг г1ан.

Корта сан сема бу, хиллачух кхета,
Йазйинчу кхелана со реза а ву,
Кийча ву муьлха а хало т1еэца,
Делахь а, вешина  ваш  хала ву.

Яхь йолу, иманах вуьззина къонах,
Д1ахеца, догдилла  ма  атта дац,
Шен майра, къона са хеназ д1аделла,
Сихонца  д1авахи вай Джамбулат.

Йиш-вешин вара хьо дикчарах ваша,
Доьзалшна вара хьо ву боху да,
Хьай дена вара хьо г1иллакхе, дика к1ант,
Хьай Нана йити ахь  и дерриг ла.

Де дийне мел дели, халонга дуьйлуш,
Шийла кхаъ дагчура ца болу д1а,
Хьа къайла валаро дог карзах дохуш,
Буьйсана ладоьхуш со хийла 1а.

Декъала хила хьо, сан хьоме ваша,
Сан ойла даимна хьоьх хьерчаш ю,
Бераллехь вай цхьана идийна некъаш
Ас муха дицде-те, уьш байлахь ду.

Декъала хила хьо, яхь йолу къонах,
Собарах ца вухуш ваг1и хьо д1а,
Ма къайла вели хьо, безачех хедаш,
1ожалла яьхьи ахь, ца до1уш са.

Валанза вера вац цхьа Дела воцург,
И киртак миччанхьа т1е я  тарло,
Амма хьоьх къастаро дог ду сан доруш,
Собаре вуьйлуш,  ас   и   чехадо.

02.11.25шо.

(Дикачу веши Билали дехарца йазйина байт)


Рецензии