Лераме тхан вежри

Лераме тхан вежри, сий долу к1енти,
Шу дозалла дуьллу ас лакхарчу метте,
Аллах1а лерина,сийлахьа вежри,
Лелийла шу маьрша, идо х1ар дуьне.

Массо а йишина  сийлахь  ву  ваша,
Вашвоцу  йишина дуьне ду даьсса,
Тахана шу ларар хетарца коьрта,
Ас даггар олу дош,ойла д1ахаьцца.

Дукха ду диканиг ала шуьх лаьцна,
Кхин хумма ца хилча, марзо  ю вайца,
Жималлехь дешархой хилла вай лелла,
Цундела юкъметтиг ч1аг1луш ю денна.

Лераме тхан вежри,яхь йолу к1енти!
Гойла шу даимна самукъне, ирсе,
Шо шаре мел дели,шу дахар  хазлуш,
Ирсаца,аьттонца, могшалла талуш.

Дуьне шун девзина де ду вайн тахна,
Къонахош дахарах сирла б1аьрг тоьхна,
Сайн вежри  ларамца декъал бан лиъна,
Дерриге дика дош ас  шуна дитна!

29.10.25г.


Рецензии