Сан Къилба Седа

Ма мотталахь гена со ваьлча,
Йиц йина лелаш ву хьо.
Сан ц1ийх а хьан безам хьерчаш,
Са готта вехаш ву со.

Дахаран некъаш вай хадарх,
Хьан лорца лелаш ву со.
Дахаро вигча со пана,
Хьан къилбаца лелаш ву со.

Шийлонах, дарцах, кхи долчу вуонах а
Хьан до1анаш лар а во со.
Яхалахь даиман Нана,
Сан «Кьилба Седа» бу хьо.


Рецензии