Лар
Ма муотта лиелийнарг лар йоцуш дайна…
Ма муотта айхьа бен халуо ца лайна…
Лаьтта т1ехь лар юьсу, ког баккхарх бай,
Хьо ваьхнехь, дег1анна ца хуьлуш лай!
Лаамийн лай хилла, хьо т1ехьа идинехь
Дуьненан рицкъана. Бай балехь битинехь,
Г1о доцуш, дицдина 1адаташ дай;
Ахь буолар сихъдинехь, дадийна гай…
Хьоладай хьистинехь, миска д1атуьттуш,
Харцонна бохь боьхнехь , п1елгаш т1е хуьттуш
- Хир ду хьоьх некъаца 1иллина кхо:
Т1аьхьенна лар йоцуш д1авовр ву хьо!
Ахчанах б1аьрг кхетча, некъах ца тиллехь,
Хьаг1ийча пхьоьг1анехь, нах къежаш хиллехь,
Нахаца дуьненахь ца лиехнехь дов,
Ваьхнехь хьо, хьешанна ца къуьйлуш ков;
1иехалуш ца хиллехь дуьненан даьхнех,
Стигла а ца г1ерташ, лаьтта т1ехь ваьхнехь,
Безамах хиллехь хьан дуьззина дог,
Лар йуьтуш хир бу ахь баьккхина ког!
Свидетельство о публикации №125102606607