Хастам бу вай Далла

Хастам бу вай Далла,йиша, хьо хиларна,
Дог доьхна де деъча, кхочу хьан орца,
Дагчура шийла ша сихонца схьаоьций,
Ларайо марзонца сан ойла хьаста.

Хастам бу вай Далла, ваша, хьо хиларна,
Сингаттам  т1ебеъча, волу хьо орцах,
Д1ахотта хьо хилар дозалл ду йишина,
Сийлахьа сан ваша, лела хьо маьрша.

Йиш-ваша даимна вайн лаъмехь нислуш дац,
Амалехь г1алаташ доцуш вай цхьа а вац,
Амма шайн диканаш наха вайн лура бац,
Цундела болчера сий дара эхье дац.

Дехийла даимна долчуна йиш-ваша,
Дахарехь уьш хилар синтем бу вовшашна,
Шаьш цхьанакхетарехь бералле д1адоьдий,
Жималлехь лелийнарг ойланца лоьху цар.

Кхиъмашца дехийла т1екхуьу жима ч1ор,
Г1иллакхца, иманца, собарца совдуьйлуш,
Дайш-Нанош ларйина уьйраш ца хедаеш,
Дехийла йиш-ваша, кхане шайн  кхиаеш.

13.10.25г.


Рецензии