Барзо биъна дуй. Халкъан дийцар

Дахаран ша-тайпа куьзга ду туьйра.
Хlоранна ша гайта, когаш а lуьйра.
Цацанах чекхйоху цо нехан амалаш,
Схьагойтуш, йисина хlора а жуьйра.

Борз йеъна бохура, жаlьунна тlе,
lаш волчу, мартанна латийна цlе.
Хьо лаа лелий-те, хаьттира жаlуьно,
Цецваьлла, тlейарна ца тухуш пе.

Ижунна толлучохь, ирзошкахь аьхна,
Ког бойна йиси со, мацалла хьаьхна.
Чов йерззалц кхачанна цхьа аьтто оьшура.
Мацалла ца йевзаш хир вац хьо ваьхна.

- Набаран тарца хьо lехийча батто,
Боданехь катоха болушшехь аьтто,
Хьан пурба доьху ас. Мадарна кlеззиг
Цхьа цlинто лой а, сан аййехьа гатто.

Бакъо йац элира жаlуьно шен,
Бахьийта, пурбанза дегара жен.
И хатта ваха а аьтто бац хlинца.
Цхьа а вац же хьожуш, схьаваллалц, lен.

- Саготта ма хила, ладогlа соь.
Со lийр йу жа лардеш, ладоьгlуш хьоь.
Берзан дош ду хьуна, гlой вола, сапаргlат,
Дойтур дац цхьанна а уьстагlан доь.

Хlусамда карийра, дайъина кой,
Баьрче а ваьлла lаш, хlоттийна той,
Генара хьеший бу цу шуьнехь гулбелла.
Гоьзанахь - шелдала кхианза дой.

Ша деънарг дийцира жаlуьно эле.
Сагlа а хир дара. Хир даре меле.
Ткъа эла оьгlазе аз айъа вуьйлира.
- Сагlа ма къобалдар доьхур вай Деле.

Хьаннах ахь тешийна дитина жа?
Барзо ма тухур йу сихонца ка.
Жаlуьно элира, ша тешна ву цунах.
Дош цо шен лардаре дуьллу ша са.

Дуй биъна цу барзо, хьо хатта гlахь,
Жа ша хьан лардийр ду, дош лардахь ахь.
Хьешана неl йуьтуш, ша баьрче ва хиъна
Хlусамда хуьлда шех, тешнабехк бахь.

Кхохкийра, мlаьргонна, цкъа элан йуьхь.
Веларца элира: сан кlаййеш йуьхь,
Хьехар ди цу барзо ларамза суна а.
Дlахийци ас хlинца кураллин дуьхь.

Тоьлла ка хьанал би ас цунна, ала.
Ма хуьлда кхин цунна мацаллин бала.
Ша вухавирзина, шуьндухе хиира,
Хьешан хьакъ дlаделла, шуьнкоьрте вала.

Гlотане вирзича lу, бахьаш кхаъ,
Галбаьлла бацара уьстагlех цхьаъ.
Тоьлланиг ка лаца пурба ду элира.
Ткъа барзо лецира даьллариг даl.

Шен ижу такхийна борз йуьстахйели.
Жаlуьно цу суьртах цецваьлла эли:
Тоьлла ка муха бу дицделла барзана.
Хиллачу чевнна тlе, хьекъал а хели.

Борз йелакъежира - ларве хьо Дала!
Йиш йац сан, гlелйаларх, дакъаза йала.
Гlиллакхна гlиллакхца жоп дала ца хиъчи,
"Акхаройн эла" сох хир дарий ала?


Рецензии