Гуьйре

Гуьйре, хьо-м кийча ма хилла
Секхачу дагтlе йис йилла,
Ладоьгlуш базанийн шабаре,
Воьдучун, гlеххьачул тилла.

Весаша синъайъам санна
Даккхаш ду, гlаш эгош денна.
Стигал а, заманан lаткъамо,
Йелхайо, йоьдучу ханна.

Хьуьнан некъ - хьуламийн жайна.
Доьшу ас, кхетадеш сайна.
Дахаран жерахь и тидича,
Гуьйре, хьо сан дагца тайна.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →