Хьомечу вешина Висанина

Ломалл лекха,маьлхалл сирла
Кху дуьненахь ву хьо хеташ,
Ц1ена дог хьан, сирла ойла
Суна ч1ог1а мехалл хета.

Хьоме ваша, дика аг1о,
Токх ю ойла хьо мел веха,
Хир ду дог сан гуттар ховха,
Нана-латта ахь мел хьоьша.

Хьан доьналлех йа марзонах
Х1оранне а дакъа кхочу,
Лулахош а, везаш, лору,
Олу дош а даггар олу.

Уггар хьоме,  дика ваша,
Вехийла хьо могуш - маьрша,
Хьо мел веха, токх ю йиша,
Гойла даимна хьо ишта!

24.09.25г.


Рецензии