Дикачу к1антана Арсанна акростих
Иманах вуьззина къонаха к1ант,
Кегирхойн б1аьргаш чохь лаьттар бухьуна,
Ахь бертаза хоттийна бодане 1ам.
Чов хилла дисина да-нанаий г1ийла,
Урамехь хьан леларх хили-кха г1ан,
К1ант вийна Нана ду т1ам бойна леча,
Атта дац сатоха, д1аидарх хан.
Нийсон т1е г1ертарна, дисна хьоьх дуьне,
Тешнабехк толарна, висна хьо къел,
Амма хьан 1ожалла яцхьуна эрна,
Нанна т1ехь ца хьожуш, ваьлла хьо къайл.
Амал шен дацарна,хьоьл т1аьхьависна,
Адмаллех вуьззина волу хьан да,
Рузбанахь вайн Деле дехна цо хийла,
Сил мерзач стоьмах ша ца хьегор цкъа а.
Алийша массара:"Хьо декъал хийла,
Низам а ца хадош д1авахна к1ант".
Нена дог оьцуш,хьан доьзал кхуьийла,
Ала шайх дуьтуш вайн лераме дош!
Апрель, 2006год
Свидетельство о публикации №125092304692