Къонах велхар
Кlентан воl ловзура, лестабеш сара,
Ма ида бахаре ца ухьуш лерг.
Дlакхетта вилхира, лазийна пlелг.
Ткъа дендас, човхавен кеп хlоттош, кlант
Хьехар дан тlекхайкхи, хlоттийна гlант.
Борз йелхар - элира - ду хьуна эхь.
Доьналла декхар ду, къонахчун тlехь.
Чlагlо йе ца баккха кхул тlаьхьа чlикъ.
Мел хала хиларх а, ма ала къикъ.
Пхийттара ма-велли, са доккхуш чlана,
Цамгаро хьовзийна, кхелхира нана.
Воьлху кlант, вегавеш, ца сецош аз.
Готта ду баланна и некхан ваз.
Чувели денда а, байн боккхуш ког,
Догъэца, дахаро тоьхначун ног.
Белша тlе куьг дуьллуш, цо лохха эли:
"Тахана хьан кхерчахь йаьгна цlе хели.
Хьан бlаьрхиш гина дац хlинццалца цхьанна.
Ткъа хlинца йелхалахь, къона борз, нанна.
Къонах вац, ца воьлхург, дlайаьлчи нана.
Со воьлху сайн нанна, йаьллехь а зама".
Дахаро масалш а гайтина шорта.
Уьш тида хаар ду хlоранна коьрта.
Дерриге дезаш ду дустарца лара.
Тахана нийса дерг кхана ду гара.
Свидетельство о публикации №125092002819