Сий долу Марда

К1ант муха ву аьлла,
Цхьммо ц1е йаьккхича,
Да мила ву, аьлла,
Вайн наха хаьттича,

Схьа ваьлла бух бийца,
Ден йаккха ц1е ма йу,
Оьздалла йу ц1ийца,
Сий долу нохчо ву.

Беза мохь белшащ т1е
Биллина вехаш ву.
Доьзална лекхаллехь
Цхьаъ бен хир воцуш ву.

Дуьненан меха ву,
Оьзданиг ч1аг1о ю.
Сийлахьа Марда ву,
Доьзалан сий и ду.

Мардена  гонаха
Дика нус хьийзар йу.
Марденан  даима
Сий-ларам беш хир йу.

Ден г1иллакх, дикалла
Доьзалан сих хьерча.
Барт, иман дебийла
Сийлахьчу Ден кхерчвхь.

Азман Джабраилова


Рецензии