Сан гуьйре
Лечкъаргех бераш ца ловзало.
Малхо кхин мокхачу мархашлахь,
Вохваллал йовхо ца кховдайо.
Г1орасиз г1аш мохо, ка йетташ,
Г1ад дассош, 1аьмнаш чу эгадо.
Цкъа а кхин б1аьсте ган ца доьг1нарш,
Шелонан марахь уьш 1охкуш го.
Ша-шеха дохк хьерчош 1уьйренца
Хьаннашкахь йовр йу и, г1ан хилла,
Йаьгна, д1айер йу и аренца….
Сайн гуьйре ас дагчохь хьулйина.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №125090704062