Чlир

(Берсанов Хож-Ахьмада дlайаздичу дийцарна тlехула)
***
Дахаруо хlун дахьар, хууш вац цхьа а.
Бохамна кийча а хуьлуш вац цкъа а.

Хlетте а къонахчуо тlедеънарг лов.
Гlиллакхуо муьлхха а йерзайо чов.

Цкъа мацца, дуьйцура къаноша, йурт
Гlайгlане йожийна белира гlурт.

Доьгlначохь валалац диканах, вуонах.
Ларамза герз даьлла вуьйжира къонах.

Пхьа хаьрчи, ламан дукъ теш долуш, къена.
Кхерч тесна, лурвоьлларг велира гена.

Вийначун вежарий, кхо къона борз,
Кешнашкара вирзира, табина барз.

Зама а йоьдура, боларехь шен.
Ца туьгуш цхьаннен а деган чов тен.

Дицлацара вежаршна и ирча сурт.
Лаьттара кошан барз, догlанза чурт.

Чlир йита вацара и кхоь а воллуш.
Довхо шайн лоьхура, массо пхьа толлуш.

Эххар а кхечира, хьаннашкахь йайна
lуьллучу кlотара, lаламца тайна.

Хиира, цигахь вуй, шайн довхо вехаш.
Бара уьш чlир оьцург шаьш хиларх тешаш.

Хlетте а сихбелла, и вен ца хlиттира.
Цкъа хьалха бистхила, неlаре хlиттира.

Беркъачу духарца, йахйелла маж.
Ткъа буйнахь, шеддашца, сеттина гlаж.

Амат ду хийцина, бевзар а боцуш.
Гезанча массанхьа веца тlелоцуш?

Соцунгlа цкъа хилла, мохь туьйхи лохха,
Аларкеп хийцина, къамел ца доххал.

Моьттура, лурвоьлларг къовламе веха.
Хlетте а неl йилли, ца хьелуш веха.

Чукхайкхи кхо хьаша, маршалла аьлла.
Къен хlусам, ша беркъа, корта а баьлла.

Мотт-гlайбий, кад-lайг а цхьаннан бен дац.
Йа адам чохь хилла лараш а йац.

Хаьттира хьешаша, вевзашшехь шайна:
Цхьалха хьо хlунда ву, хlунда ву вайна?

Хlусамдас дийцира чlир хьарчар шех.
Валанза ца ваьлла, ша валар кех.

- Сел гена кху махка хьо валлол, тилла,
Декъаза и хьайн са ма дезаш хилла!

- Са дац со валийнарг кху пана махка.
Сих ма луо, сан хьеший, шу бехкаш дахка.

Со бахьнехь веллера къонаха кlант.
Цуьнан бу вежарий, шайн доцуш ант.

Доьг1нариг хиллалца, уьш гlортарх вен,
Со лийр а вацара. Йиш йара lен.

Делахь а, ца ваьллехь со цlера гена,
Тlехтухур дара наха, цlий дара lенар.

Хьалхаша лелашшехь, мостагl а витина,
Лелаш бу эр дара. Хир дара питана.

Цундела велира со, хьеший, цpера.
Къонахийн цlе ду вай декхаре лера.

- Хlунда ву тишвелла, башанза корта?
Хаттарна тхуна бехк ца билла гlорта.

Кху махкахь кхочур бац уьш хьуна тlе.
Сиз хlунда хьаькхна ахь кхолламна тlе?

- Кхерч байна со бахьнехь оьздачу нехан.
Дахар а дац хlинца асаран меха.

Кхачанах, набарах ца кхета чам.
Дуьненан синкъерам бу лекъна lам.

Цундела ду, хьеший, тишделла васт.
Синан а хаьдда сан, лехамийн хьаст.

- Тlе хlунда ца воьду хьо царна, тlаккха?
Чlир хьайха эцийта, йист цунах йаккха.

- Тlевеъча со шайна, хьаналдеш цlий,
Олийтур дац цара, къурд аьлларг вий.

- Ткъа паргlат воккхур вуй, хьо хууш хилча,
Тlе хlунда ца воьду, ца хlуьттуш холча?

- Шен бехко вуохийна, кхерч тесна дайн,
Декъаза лела и, йуьхь йоцуш кlайн,

Аьлла а хир бу-кха синхьаам царна.
Дахарах тилла со, хьаннашкахь варна.

Йа суна тlекхаьчна, чlир эцахь шайн,
Дог lаьбна, паргlате, са хир ду дайн.

Вежарийн дераллех хиллера хlур.
Хьаьвзира кортошка ойланийн кlур.

Воккхачо элира - ладогlа цкъа.
Оьздалла мах хилла, дlадели къа.

Тхайн вешин чlир йекха даьхкина тхо
Доьхна ду, карийна гlиллакхе хьо.

Корта дlабешира, къинтlера бевлла.
Мар-мара кхийтира сапаргlатдаьлла.

Кхонахчун оьздалла къонахна го.
Гlиллакхуо мостагlех доттагlий бо.

*Пхьа - село, Кровная месть.
*Ант - дефект, недостаток.
*Гезанча - путешественник.
*Хьаст - источник.
*Аларкеп - акцент.


Рецензии